Этнографически диктант Мамакаев 1аьрбин кхоллараллех

28.02.2019

2019 шеран 28-чу февралехь 10 сахьт даьлча Аргун-г1алин лоьмар 5 йолчу ишколехь д1аяьхьира этнографически диктант Мамакаев 1аьрбин кхоллараллех а, дахарах а долчу хаарш зер хьокъехь. Диктантан 1алашо яр, нохчийн матте болу безам а, цуьнан вайн дахарехь лелар а совдаккха, мехкан бахархойн а, дешархойн а ненан маттах долу хаарш алсамдаха. Этграфически диктантехь двкъалецира 9-11 классан дешархоша а, иштта хьехархоша в.